Category: технологии

Наношна лерина.

Нана бохучу дашо доккха маь1на чулоцу. Х1унда аьлча, ненан даге кхочуш, цул къинхетаме, комаьрша, цул муьт1ахь, эсала, лазаме, нуьцкъала, к1еда, аьхна, ховха, цул тешаме х1ума дац х1окху маьлхан дуьненахь!
Уггар а еза, сийлахь меттиг д1алоцу нанас вайн дахарехь, нуьречу даржехь ду цуьнан васт, лекха го цуьнан ц1е! Лазамийн шад бу ненан экаме дог, сирлачу безаман хьост ду иза. Шен беран кийрахь ду бакъйолчу ненан дог, даим шен берах хьерчаш ю цуьнан ойла. Шен доьзалхочунна бохам ца хилийта, шен дег1ан меже а д1алур яра нанас - оццул онда бу цуьнан даг чуьра ховха, ц1ена безам.
Ма лар ца бо вай вайн наной, ойла ца еш оьг1аз даханчохь ма хийлаз дог 1овждо вай церан. Ма ч1ог1 декхарехь ду вай царна хьалха, вай дел д1адовлалац церан хьакъ д1а дал лур дуй техь аьлла. Ма ч1ог1а яз йина нана вай Веза Сийлахьчу Далла. Эхарте д1а дахача дал жоп хир дуй техь вай, нана оьг1аз яхийтича? Ойла яй вай, ма хало лайна цара вай бахьнехь, буьйсан наб ца еш, кхочуш кийра  шай ца бузбеш, вайн са гатдеш. Ма хилийти вай эрна цара хьегна и къа? Лар бай вай вайн наной?  Ма дуьне дац-кх  нана йоцуриг. Нана, Дала суна дуккхаъ ях йойла хьо, хьа безаме кхочуш х1умма а дац х1окху дуьненачохь. 
Вай наной г1о ма гойла вайн, церан б1аьргар сингатме девла б1аьрхиш ма гойла вайн. Дала церан хьакъ д1а дал ийман, собар, товфикъ, доьналла лойла вайн. Амин!